Открытый урок по чеченскому языку на тему Некълацар М.Бексултанов


Нохчийн литература. 6-г1а класс.
Урокан тема: Бексултанов Муса «Некълацар». 2-г1а урок
Урокан 1алашонаш:
1.Кхеторан: Ешна произведени йийцаре яр.
2.Кхиоран: Системехь3. Кхетош-кхиоран: Дешархошкахь къоман г1иллакх- оьздангалла кхиор, матте а, литературе а безам кхиор.
Урокан г1ирсаш: интерактивни у, яздархочун портрет, дешархойн суьрташ, эпиграф, рефлексина оьшу смайликаш.
Урок д1аяхьар.
Хьехархочун дош.
- Де дика дойла массеран а !Хьеший шу марша дог1ийла!
-Дешархой а бу шуьга маршала хатта лууш:
Кавказан лекхарчу лаьмнашкара,
Цу лаьмнийн шийлачу шовданашкара,
Тхоьгара, дешархошкара,
Даггара маршала ду шуьга, лераме нохчийн меттан хьехархой. Шу марша дог1ийла!
Хьехархо:
- Бераш, муьлха деза де ду вайна тахана? Х1унда олу вай н маттахь ненан мотт? Дахарехь оьший вайн а мотт? Х1унда?
Хьехархо: Вайна массарна мА-хаъара таханлера де, 25-г1а апрель 2007 –чу шарахь дуьйна вайн паччахьан Указца ч1аг1дина Нохчийн меттан деза де ду аьлла вайн махкахь д1акхайкхина ду. Х1етахь дуьйна х1ора шарахь цуьнан лерам беш схьадог1уш ду вай.
- Буьйцуш мотт боцуш къам хуьлийла дац. Вай бакъо яц мотт бицбан, къам къам хилар кхо билгало ю: къоман мотт, дин, къоман г1иллакхаш.
Сина маршо йихкина, вайн къам махках даьккхичу хенахь, 13 шо хийрачу махкахь, халчу хьелашкахь доккхуш а ца бицбина вайнаха шайн мотт, дин, г1иллакхаш. Буьйцуш мотт болуш, лелош ин а , г1иллакхаш а долуш дай баьхначу латта юхадирзина вайн къам.
Дешаран г1уллакх дарна ойла т1еерзор.
Хьехархо : Вайн урок кху дешнашца д1аяхьа лаьара суна:
«Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, д1адолу,
Ненан мотт бицбинаргСийсазво наха».
- Бераш, цхьанна хаьий маттах лаьцна кицанаш?
(дешархоша шайна хууш долу кицанаш олу)
З.- Бераш, стенах лаьцна дийцира вай яханчу хенахь?
-дийцаран чулацамах кхетам а хилира вайн, яздархочун дахарх а, кхоллараллех адийцира вай. Тахана вай стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна?
Хьехархо : Вайн тахана таро хир ю заманан йохаллехь вайн дайша, дедайша, са санна, лардеш таханлерчу дийне кхачийна долчу вайнехан г1иллакхех дийца а, кегийрхошна уьш дицдаларан хьелаш а гайта а. Дайшкара схьадог1у и оьзда г1иллакхашдицдан йиш цахилар ч1аг1дан а, матте а , литературе а болу безам кхиор а.
Ц1ахь бина болх таллар.
- Муьлш бу дийцаран коьрта турпалхой? Муха ю к1ентан а, деден а юкъаметтиг ? Д1адеша (205 аг1о)
Денанас х1ун олий хьоьстура шен к1ентан к1ант? (харцмирциг)
Х1унда олура цо иштта? Дедас х1ун олура к1ентан к1антах?
Хьехархо: йовха, к1еда, мерза юкъаметтиг ю церан доьзаллехь. Кхерчан йовхо, кхерчан безам…Ишттачу доьзалехь кхуьу иманехь, исламехь.
- Стенна кечам беш вара к1анттий, дедай? Мухачу сатийсамашкахь вехаш вара к1ант т1аьххьарчу деношкахь? Буьйсанна дедеца вижна 1уьллуш стенан ойланаш йора к1анта?
Хьехархо:
Сирла, ц1ена бу берийн сатийсамаш. Царна ца евза х1инца дахаран халонаш. Церан хьежамашкахь, марх йоцуш къегина бу дахарера хиламаш. Цундела лела к1ант воккхаверца дедена т1аьхьаволий, кханалерчу дийне сатуьйсуш.
-Муха лаца г1ертара и ший некъ? Иштта лоцуш хила некъ хьалхалерчу заманчохь? Вайн заманахь иштта дуй, х1инца муха лоцу некъ?
Къоман г1иллакхех дуй некълацар? Кхин муха г1иллакхаш девза шуна?
( Шун девзаш хилла вайн г1иллакхаш)
Г1иллакхаш ялсаманера арадевлла ду, юха ялсамане юхадерза дезаш ду бохуш, дуьйцу дешначу наха. Цундела вай лардан а, лело а деза уьш.
-- Г1иллакхех лаьцна кицанаш хаьий шуна?
Хьехархо:
Вайна юккъера д1адевлла муьлха вайнехан г1иллакхаш девза шуна?
( слайд)
- Нускал далош йог1у машенаш совцо некъа т1е 1аса йилла х1ун хьехар дина вахийтира дедас к1ант? Д1адеша ( аг1о 208)
- Воккхачу стеган 1аса охьайиллича, х1унда совцо езаш хила машенаш?
( воккхачу стеган лерам барна а, къоман г1иллакх лардарна а)
-Муха боьхна к1ентан сатийсамаш ? Д1аеша (аг1о 209)
- Дерказ воьхна хилар муха гайтина яздархочо? Д1адеша.
- Воккхачу стага х1ун дешнаш элира дийцар чекхдолуш? Д1адеша.
Х1унда яра цуьнан 1аса къаьсттина еза?
- Муха х1оттор дара аш Дерказан васт? К1ентан?
-Некъ лаца охьайиллина 1асакаг а еш.,машенаш д1аяхаро х1ун гойту?
- Шуна муха хетта, х1ун ала г1ерта х1окху дийцарца яздархо т1екхуьучу т1аьхьене?
( « Г1иллакх доьлху довш ду бохуш, ненан маттахь бетташ мохь», ларделаш дайн оьзда г1иллакхаш.Хьехархо:
-Урокана ялийна эпиграф вайн темица йог1уш юй? Байтаца хьан эр дара г1иллакхех лаьцна?
Б1ешерийн къийсамехь, са санна, лардеш,
Таханенга кхачийна вайнехан г1иллакх.
Воккханиг лийрина жимчо деш г1уллакх.
Раг1 хьоьгахь ю тахана, вас ца еш дена,
Д1аэца цуьнгара дайн оьзда г1иллакх!
Ларде и, хазде и , ца еш мало,
Т1аккха хьайн весет деш, к1анте д1ало.
Тобанашкахь болх бар. ( кроссворд)
1-ра тоба- Бексултанов вина меттиг2-г1а тоба-бералла д1аихна меттиг3-г1а тоба-школера ваьлча дешна меттиг4-г1а тоба- дуьххьарлера книга.
Хьехархо: Х1ун ойланаш кхоллаелира шун х1окху дийцарх?
( Воккханиг лара везаран г1иллакх, кегийчеранбаккхийчаьрца йолу юкъаметтигаш талхийна, хераялар ду иза.воккхачу стеган 1аса хила ца 1а каг1йинарг, дайн оьзда г1иллакхаш ду хьаьшнарш)
( Бексултанов Мусас шен дийцарца д1акхачадо дешархошка г1айг1анца , сингаттамаца.Цуьнан турпалхой дахарера бу. Оцу дахарехь ца бахал ц1ена бу уьш шайн ойланашца а, сатийсамашца а.)Хьехархо: Вайю ха а тобанашкахь болх бийр бу. Шун х1ора тобанан шайн-шайн ц1е ю. аша царех синквей х1отто езар ю.
Г1иллакх
Ц1ена. ОьздаАдамийн бух бу г1иллакх
ОьздангаллаДин
Оьзда, ц1ена
Нисво, ларвоДин-исламДелах тешарМоттЦ1ена, оьздаМотт-къамелан г1ирс
Делера совг1ат
ДахарДеха, доцаХьосту, чехаво,кхиавоДахар-х1ора маьрша де
Хьехархо :Вайн урок ерзаеш эр дара ас: « Нохчийн г1иллакх –оьздангаллин васт х1оттош аьлча, цхьа лекха б1ов ю. Х1ора нохчочун декхар ду и б1ов ларъяр шен г1иллакхашца а, г1уллакхашца а. Т1аккха и лаьттар ю, нохчийн къам мел деха а».
- Байт йоьшур ю вай дийцинарг т1еч1аг1деш.
5. Рефлексия яр
- Бераш, муха ю шун дог-ойла?Цхьа синхаамаш боцуш дисина хир ма дац шу: хазахетар я халахетар. Смайликашца гайтийша шайн дог-ойла?
6. Ц1ахь болх: «Къоман г1иллакхаш» ц1е йолу жима дийцар язде.
Ладог1арна а, дакъалацарна а Дела реза хуьлда шуна!

Приложенные файлы


Добавить комментарий