Конспект урока чеченской литературы 3 класс З. Муталибов. Мустапан каранаш


Нохчийн литература 3 класс
Тема : «Мустапан каранаш» З. Муталибов.
1алашо: З. Муталибовн «Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар довзийтар ; нийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор . Школехь , чохь , арахь шаьш лелодезариг берашна довзийтар. Къамел , г1иллакъ кхиор берийн амалехью
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду меллаша ешарна т1ера ч1ог1а ешарна т1е а боьрзуш дийцаран тексташ еша . Берашан 1емар ду чулацамах кхета, текстс юкъара цхьацца аларш талла.Берашана 1емар ду адамийн амалин мах хадо, шайна дика дерг каро , вон дерг д1ататта.
Урок д1аяхьар
1.Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллере шуна ц1ахь 1амо?
Бераша схьадуьйцу 1. Чантиев дийцар «Стенна вара Мурад г1айг1ане» ц1е йолу дийцар.
Малонча
Школехь бека горгали:
- Самавала,Сайд-1али,
Хьалаг1атта, школе гlyo,
Т1аьхьавуьсуш лаьтта хьо.
Хьан нийсархой д1абахна,
Ца воьдуш хьо ц!ахь висна,
Бераш доьлуш хир ду хьох,
Висна, бохуш, вижна чохь.
Школехь бека горгали:
Самавала, Сайд-1али,
Хьоьга кхойкху йишхаьлла,
Х1унда вац хьо т1ах-аьлла?
-Д1аеша меллаша массара цхьана.
-Д1аеша ч1ог1а массара цхьана
-Мила ву коьрта турпалхо? (Сайд-1али)
И муха к1ант ву ? (Ледара )-Х1унда ?( Иза 1уьйранна ца г1отту)
-Стенах лаьцна ю стихотворении ? (Малоначах)
-Стенах лаьцна хир ю вай 1амор йолу произведении?
2.1алашо йовзийтар
-Муьлха произведени ю вай тахана 1амо билгалъяьккинарг? (Мустапан каранаш)
-Мила ву цуьнан автор? ( З. Муталибов)
-Х1ун болх д1ахьур бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш баха "таро хир ю шун? Х1оттае план.
-Бераш, вайна тахана девзар ду З. Муталибовс яздина « Мустапан карананаш» ц1е йолу дийцар. Вай 1амор ду нийса а , шера а дийцаран тексташ еша . Берашна хуур ду адамийн ледарлонаш ган , церах ларвала.
3. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо З. Муталибовн дахарх а, кхоллараллах а дуьйцу
Нохчийн поэт, прозаик Муталибов Зайнди вина 1922-чу шеран 15-чу сентябрехь Веданан районерчу Хоттани юьртахь ахархочун Iабдулхьалиман доьзалехь. Юьртарчу ворхIшеран школехь дешна Зайндис, иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен 15 шо долуш, школе пионервожати вахна иза. ХIетахь дуьйна дIаболабелла Муталибов Зайндин белхан некъ. Зайнди шен балхаца ларалуш а, шен хаарш тIедузуш а хилла. Цхьа хан яьлча КПСС-н Веданан райкоман агитацин, пропагандин отделан инструктор хIоттийна иза.Хьалхе яздан волавелла Зайнди, цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбане яьлла 1937 шарахь «Ленинан некъ» газета тIехь авторан 15 кхаьчначу хенахь. ХIетахь дуйьна хаддаза яздеш схьавеана, юьхьанца поэзехь, тIаккха прозехь а. Дукхахьолахь «Ленинан некъ Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелча, Муталибов Зайнди, заявлени а яздина, шен лаамехь тIаме воьду. Муталибов Зайндин бIаьхаллин гIуллакхаш билгалдаьхна исс пачхьалкхан совгIат даларца (мидалаш, орденаш), шайна юкъахь ЦIечу Седанан а, ТIеман ЦIечу Байракхан а орденаш йолуш.ТIом болчу хенахь Муталибов Зайндис дуккха  а стихотворенеш, дийцарш, очеркаш язйина. Оцу шерашкахь цуьнан произведенийн тематика, кхечу яздархойн а санна, тIамах лаьцна, мостагIчунна тIехь толам баккхарх лаьцна яра. ТIемалойн турпалаллех, царна даймохк йист йоцуш дукхабезарх, иза Iалашбан лаарх  лаьцна яра. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом толамца чекх а баьлла, Японин пачхьалкхаца долу тIеман гIуллакхаш а дIадирзинчул тIаьхьа, 1946 шарахь эскарера мукъа ваьлла Муталибов Зайнди. 1952 шарахь Бишкекехь Киргизски пачхьалкхан педагогически инстиутан исторически факультет чекхъяьккхина. Махках ваьккхинчуьра цIа ван гIайгIа беш а хилла, амма Нохч-ГIалгIайн республика меттахIоттийнчул тIаьхьа бен цIа ца ваийтина. 1978 шарахь Соьлжа-ГIаларчу телестудин коьрта редактор хIоттаваллац. Ша бинчу кхечу белхашкахь а санна, республикин телевиденехь а даггара, жоьпаллица болх бина яздархочо. Амма дукха ца лаьттина иза оцу балхахь. ТIеман халонаш а, махках ваккхар а лан дезначу яздархочун оьмар еха ца хиллера. Шен 56 шо а кхачале, 1978 шарахь кхелхина Муталибов Зайнди.
Масех поэзин сборник араяьлла Муталибов Зайндин. Царна юкъахь ю лакхахь цIе яьккхинчул совнаха «Дека, сан илли» (1961), «Даима хьоьца» (1964), «Со хьан кIант ву» (1966). «Пульс эпохи» (1966), «Бессмертный всадник» (1968) кхиерш а.
аь) Хьехархочо д1адоьшу З. Муталибовн «Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар.б) Дешнашца болх:
уче – коридор,веранда
х1илла -хитрость
4.Сада1аран миноташ.
Зезаг долу-уш самадели,
Тохадели, меттахдели.
Мохо патарш лестадо,
Г1ийла зезаг техкадо.
Малх схьакхийти, айбели,
Бода лоллуш, серло ели.
Полла г1оттуш, т1емабели,
Т1емаш лестош, лакхабели.
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша массара цхьана д1адоьшу меллашачу озаца З. Муталибовн «Мустапан кранаш» ц1е йолу дийцар.
аь) Бераша массара цхьана д1адоьшу ч1ог1ачу озаца З. Муталибовн «Мустапан кранаш» ц1е йолу дийцар.б) Бераша з1енаца д1адоьшу З. Муталибовн «Мустапан кранаш» ц1е йолу дийцар.
в) Чулацамах къамел дар.
-Муха к1ант ву Мустапа? Д1аеша и к1айдарг.
-Цунна х1ун дан дагадеара цунна ? Д1аеша к1айдарг.
-Х1унда дийладелира бераш Мустапах? (Каранаш доьхкина веача)
-Мустапан х1илланах г1уллакх хилирий? (Ца хилира)
-Х1ун хьехам бира Мустапана хьехархочо? Д1аеша к1айдарг.
-Муха хила веза дешархо? (Т1ехь ц1ена хила веза, оьшу дешархочун г1ирс хила беза, урокаш 1амо еза, шеен хеннахь ваха веза школе)
г) Дийцар схьадийца кечам бар.
-Д1аеша дийцаран хьалха ши абзац? (Х1ун ду коьртаниг? ( Муса школе ваха т1аьхьависна)
-Схьадийца цунах лаций.
-Д1аеша рог1ера абзац. Х1ун ду коьрта? (Мустапана х1илла дан дагадеана)
-Схьадийца цунах лаций.
-Д1аеша рог1ера абзац. Х1ун ду коьртаниг? (Мустапан х1илла гучудели)
-Схьадийца цунах лаций.
-Схьадийца дийцар.
6. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бу шун тахана? Муьлхачарех даккхийдоь шу?
7. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира вай ?-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун хьоьху шуна цу дийцаро?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Дийцар З. Муталибовн «Мустапан каранаш» ц1е йолу дийцар схьадийца
Хазъеллачу кайдаргана сурт диллар

Приложенные файлы


Добавить комментарий