Рабочая программа и КТП учебного предмета «Чеченская литература » для 10-11 классов


Нохчийн литературин 10-11 классашна лерина
программа
Кхеторан кехат
Нохчийн литературин юкъарадешаран юккъерчу школана лерина программа хIоттийна Нохчийн Республикин юкъарадешаран школашна лериначу планан , юкъара дешаран коьрта юкъарадешаран пачхьалкхан программин бух т1ехь, Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан, коьрта юкъара дешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартана бина хийцамаш, Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствос омрица ч1аг1бина болу 17-чу декабрехь 2010-чу ш. № 1897.
(т1еч1аг1дина Россин Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерствон омрица 31-чу декабрехь 2015-чу ш. № 1577) а, коьртачу дешаран программин бух т1е а тевжаш, С.Э.Эдиловн нохчийн литературин герггарчу хьесапехь йолчу программех пайда а оьцуш.
Программа лерина ю х1окху сахьтийн барамна:
Класс Дешаран
к1ира сахьтийн барам к1ирнах Дешаран шеран дерриге сахьташ
10 класс 34 2 68
11 класс 34 2 68
Программан тайпа: нохчийн литературан базови программа
Белхан программина кхачо йина дешаран –методически комплексаца:
1аматаш:
1 Уциев А.Х., Чираева Р.А «Нохчийн литература»: 1амат:11 класс:-Соьлжа-Г1ала: ГУП «Книжное издательство», 2011.
2. ТуркаевХь.В., Туркаева Р.А. «Нохчийн литература» : 1амат:11класс: :-Соьлжа-Г1ала: ГУП «Книжное издательство», 2014.
3.Арсанукаев 1.М., Эжаев У.Х. « Нохчийн литература» :1амат:10 класс:-Соьлжа-Г1ала:
ГУП «Книжное издательство», 2015.
«Литература» предмет Iаморан жамIаш
Коьртачу юкъарадешаран школа чекхйоккхучуьнгахь «Литература» предмет Iамош кхио деза личностни жамIаш ду:
-шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;
-личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;
-хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).
Коьртачу юкъарадешаран школехь предмет «Литература» Iаморан метапредметни жамIаш билгалдовлу:
-проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин - тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;
-ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;
-ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;
-тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь;
Коьртачу юкъарадешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:
хIума довзаран декъехь:
-барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;
-произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;
-литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;
- произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);
-литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;
2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь:
-нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;
- нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;
-Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;
-авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;
3) коммуникативни декъехь:
-тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;
-текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;
-Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;
4) эстетически декъехь:
-дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;
- эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;
-меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.
тематически планаш
Юккъера юкъарадешаран школа
10 – 11 классаш
(Дерриг 136 сахьт. Билггал Iамо езачу материалана – 122 сахьт, тIаьхьалонна – 14 сахьт)
Коьрта чулацам Сахьташ
ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература (29 сахьт)
М. А. Сулаев. Дахар а, кхолларалла а.
Стихотворенеш “Сай”, «Сох муха эр дара адам». Роман “Лаьмнаша ца дицдо”
Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.
Роман “Лаьмнаша ца дицдо”. Нохчийн халкъан дахарехь уггаре халчу мурехь – 1940-чу шерашкара 1960-чу шерашка кхаччалц – адамийн кхолламаш романехь гайтар. Товсолтийн амалшца доьзна къоман гIиллакх-оьздангалла гайтаран башхаллаш.
Романехь кегийрхойн васташ.
Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.
Мамакаев Мохьмад. Дахаран, кхоллараллин некъ. “Даймахке” (“Хьо муха буьйцур бу...”), “ТIулгаша а дуьйцу”, “Зама”, роман “Зеламха”
Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.
Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш.
“Зеламха”. Роман исторически бакъдолчийн бух тIехь язйина хилар. Зеламхех обарг винарг - цу хенахьлера социально-политически дахар. Яздархочун шен турпахочуьнга болу хьежамаш. Турпалхойн васташ кхолларехь, дахаран исбаьхьаллин сурт хIотторехь яздархочун корматалла.
Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гадаев Мохьмад-Салахь. “Даймахке сатийсар”, “Дай баьхна латта”, “РегIара поп”, ” ЦIен- берд”
Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.
Поэтан лирикехь безаман тема.
Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, шатайпана аьхналла.
Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гайсултанов Iумар. Дахар а кхолларалла а. Повесть “Александр Чеченский”
Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.
Исторически повесть “Александр Чеченский”. Нохчийн кIентан кхоллам повесть тIехь гайтаран башхаллаш. Инарла-майор Александр Чеченский – 1812 шеран тIеман гоьваьлла турпалхо. Алссам исторически гIуллакхаш чулоцучу повестан хиламашкахула коьрта турпалхочун дахар, цуьнан амал кхиаран хьелаш исбаьхьаллица довзийтаран башхаллаш.
Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш.
Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна.
Эдилов Хасмохьмад. Дахар а кхолларалла а. Поэма “Сийлаха”
Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.
“Сийлаха” поэми тIехь адаман дахар, ирс юкъараллехь кхоллалучу хьолех дозаделла хилар чIагIдар. ИбрахIиман оьзда безам, цуьнан деган, ойланийн комаьршо. Эдалхин оьзда йоцу ойланаш а, гIуллакхаш а. Сийлахас ца ларбина шен мерза безам, цуьнан доьхна дахар, цунах даьлла зулам.
Поэми тIехь суртхIотторан , васт кхолларан поэтически гIирсаш.
Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.
Сулейманов Ахьмад. Дахар а кхолларалла а. Стихотворенеш «Берд», “Ламанан хьостанаш ”, «Батто сагатдо»
Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.
Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.
Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш. Цуьнан кхоллараллин мехалла.
6

8
3
4
5
3
ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература (35 сахьт)
Айдамиров Абузар. Дахаран а, кхоллараллин а некъ. Роман “Еха буьйсанаш”
Айдамиров Абузаран кхораллара. “Еха буьйсанаш” исторически романехь нохчийн халкъо ХIХ бIешарахь къоман парг1атонехьа латтийначу къийсаман тема. Къоман дахар кIорггера, дуккха а агIонаш толлуш гайтар. Исторически бакъдолу гIуллакхаш гайтарехь романан эпически шуьйра чулацам. Цу заманахь Нохчийчохь хилла юкъараллин хьелаш говза гайтар.
Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.
Романан исбаьхьаллин башхаллаш.
Ахматова Раиса. Дахар а, кхолларалла а. “Чекхдийр ду вайн шераш”, “Даймахке”. Поэма “Дагалецамийн новкъа” (4 часа)
Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.
Ахматова Раисин поэзехь нохчийн йоьIан васт.
Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.
Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.
“Дагалецамийн новкъа” - автобиографически поэма.
Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш къастор.
Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш
Арсанукаев Шайхи. “Весет”, “Нагахь хьан гIо оьшуш...”, “Нийсонна гимн”, “Гиний шуна? ”, “Дицдина илли”, “Ненан мотт”, стихашкахь роман “Кхолламан сизаш” (4 часа)
Арсанукаев Шайхин кхолларалла.
Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.
Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш : чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.
“Кхолламан сизаш” цIе йолу стихашца язйина роман. Даймехкан тIамехь бIаьхоша турпалаллица Даймохк мостагIчух Iалашбар романехь гайтаран башхаллаш. БIаьхойн васташ. Ризван а, цуьнан накъостий а.
Романехь тIеман а, тылан а суьрташ. Маршо ларъеш эгначийн сий а деш, тIом гIаттош болчарнра дуьхьал авторо халкъе бен кхайкхам. “Кхолламан сизаш” романан чулацам а, исбаьхьаллин а къастамаш а.
Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.
Шайхиев Iалвади. Поэма“Лазаман лорах”, стихашкахь повесть “Дерачу кхолламан кхиэл” (3 сахьт)
Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.
“Лазаман лорах” поэми тIехь поэтан деган Iийжам.
“Дерачу кхолламан кхиэл” - стихашца язйина повесть. Тешнабехккий, эхь-оьздангаллий цкъа а цхьанадогIург цахилар чIагIдар. Къоман гIиллакхаш а, оьзда безам а гайтар. Повестан маьIна а, исбаьхьаллин къастамаш а.
Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.
Рашидов Шаид. “Баланах дуьзна дог”, “Пондар боьлху”, “Аружа”
Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.
Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.
“Аружа” - исторически хиллачийн буха тIехь язйина поэма. Махках даьккхинчу халкъо лайна баланаш, халонаш гайтаран башхаллаш. Аружа а, Алымкхан а.
Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

Ахмадов Муса. Повесть «Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош», Стихотворени «Нохчийн махкахь нохчийн маттахь…»
Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.
Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме хилар ; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар
«Лаьтта тIехь лаьмнаш а хIиттош» повестан чулацам а, исбаьхьаллин башхаллаш а.
Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.

Дикаев Мохьмад. Стихотворенеш «Нохчийн хIусам», «Стеган цIе», “Суна лаьа”
Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар - цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.
Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI.

Абдулаев Леча. Стихотворенеш «КIант» - олий, кхойкхура нана…», «Мехкан йоI», «Зарзъелла тIаьххьара марха…» (2 сахьт)
Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.

Бексултанов Муса. Дийцарш “Наггахь сайн сагатделча”, “Хьалхара парта”, “Корталин Хантоти”
Бексултанов Мусан кхолларалла.
Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.
Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.
Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.

Бисултанов Апти. Стихотворенеш “ЙогIу и къежъелла месаш...”, “Бадуев саьIид”, “Десачу гуьйна тIе...”, “Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю”.
Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе, болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.
Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.

Эльсанов Ислам. повесть "ЦIегIачу декхнийн боьлак".
Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.
"ЦIегIачу декхнийн боьлак" – исторически повесть. Нохчийн халкъо ХIХ бIешарахь шен паргIатонехьа латтийн къийсам. Повесть тIехь Шемалан боламах дозаделла долу исторически хьелаш бакъдолчуьнца нийсадогIуш гайтар. Шемала хьафий а волу Исхьакъ вейтар. Машарехьа болу къоман лаам.
БойсагIар а, ТIелхаг а. 6
.
4
4
3
3
3
2
3
2
3
ХХI бIешо долалучу муьран литература (7 сахьт)
Ибрагимов канта. роман «берийн дуьне». Тема а, проблематика а. Исбаьхьаллин башхаллаш. (4 сахьт)
Яшуркаев Султан. Стихотворенеш «ХIара лаьмнаш лаьмнаш хилла…», «Ойланаш, аш соьга баха хIун боху,..», «ЦIахь котам декара зевне еш Iуьйкъе,..». (3 сахьт) 4
3
Базоркин Идрис. Роман «БIешерийн бодашкара» (Дакъа) (1 сахьт)
ГIалгIайн литературах юкъара кхетамбалар. Базоркин Идрисан кхолларалла. “БIешерийн бодашкара” романан коьрта чулацам. Романехь гIалгIайн хьалхалера дахар гайтаран башхаллаш. Коьрта турпалхой. Калойн васт.
“БIешерийн бодашкара” романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.
Яндиев Джамалдин. Стихотворенеш “Поэтан дог”, “Хаза ю синтеме буьйса” (1 сахьт)
ГIалгIайн литературех хаамаш.
Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.
Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.
Александр Казбеги. Повесть “Элиса” (1 сахьт)
Гуьржийн яздархочун Алесандр Казбегин кхоллараллех хаамаш. “Элиса” повестан коьрта чулацам. Къаьмнашна юкъарчу доттагIаллин уьйраш гайтаран хьелаш. Ламанхойн къонахалла, оьздангалла, тешаме хилар яздархочо хастаме дийцар.
Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.
Казбегин турпалхой - нохчий, гуьржий - шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь , вежарий санна, бертахь хилар.
Кулиев Кайсын. Стихотворенеш “Хиндолчунна аьлла байташ”, “ТIуьначу лаьттан цинц къуьйлу...” (1 сахьт)
Кулиев Кайсын - балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар. 1
1
1
1
5-гIа дакъа. Обзорни теманаш (10 сахьт)
Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор) (1 сахьт)
Нохчийн литературехь ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалуч муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш а, граждански тIом а гайтаран башхаллаш. Арсанов СаьIид-Бейн роман «Маца девза доттагIалла», Ошаев Халидан роман «Алун шераш», Окуев Шимин роман «Лай тIехь цIе зезагаш» (Обзор) (3 сахьт)
Нохчийн литературехь Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор) (2 сахьт)
Даймехкан паргIато Iалашъяран тема. Мамакаев Iаьрбин стихаш “Дерриге а тIамна”, “Даймехкан тIом бечохь”; Мамакаев Мохьмадан - “И йоьлхуш яыц”, “КIиллочунна”; Сулаев Мохьмадан - “ГIовтта”, “Малх тоьлур бу”; Эдилов Хасмохьмадан - “Сурте”, “Кавказан аьрзу”, “ТIемало - хьоьга”. Гадаев Мохьмадан - “Мехкан лоьмашка”, “ДоттагIашка”.
ТIеман шерашкахь литературо къаьмнийн доттагIаллин тема айбар. Граждански тIамехь халкъо турпалалла гайтар карладаккхар (Мамакаев Iаьрбин “Винчу юьрта”).
Даймохк мостагIчух паргIатбоккхуш гайтина халкъан турпалалла, патриотизм хIинцалерчу литературехь гайтар. ТIеман халчу хьелашкахь бIаьхойн дог-ойла, гIиллакх-оьздангалла, хьуьнар исбаьхьаллин произведенешкахь гайтаран башхаллаш. Муталибов Зайндин “БIаьхочун весет”; Эдилов Хасмохьмадан “Ирс къуьйсуш веллачун сий делахь латта”, “Лаьттан цинц”; Сулаев Мохьмад “Нохчийн кIант Волгин йистехь”; Гацаев СаьIидан “Ханпашин валар”.
Нохчийн литературехь къинхьегаман тема. Исаева Марьяман роман “Ирсан орам”, Музаев Нурдинан роман “Сатийсаман ницкъ”, Нунуенв Сайд-Хьамзатан роман «Гезган маша» (Обзор) (3 сахьт).
Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор) (1 сахьт)
1
3
2
3
1
.
Литературин теорех а, исторех а хаарш (12 сахьт)
Лакхарчу классашкахь теоретико-литературни хаарш далар хьалхарчу классашкахь дешархойн кхолладеллачу хааршна тIетевжаш дIахьур ду. Хьалха дешархоша Iамийнарг хIун ду, хIинца церан теоретически хаарш муха ду хууш хила деза лакхарчу классашкахь литературин теорех дерг Iамо доладеш. Хьалха Iамийнчух пайда а оьцуш, дIахьур бу кхидIа беш болу болх.
Литературин теорин гIуллакхаш меттан башхаллех дозаделла а ду. Къоман меттан башхаллашка хьаьжжина шайн къастамаш болуш хуьлу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш (эпитеташ, дустарш, метафораш, олицетворенеш, и дI.кх). Стихан барамах, цуьнан екарх, мукъамах кхиа йиш яц къоман меттан башхаллаш тидаме ца эцча.
Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.
Литература Iамош кхочушбечу
барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш (25 сахьт)
Литература Iамош кхочушбечу
барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш
Исбаьхьаллин произведенин чулацам схьабийцар.
Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.
Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.
Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юкъахь литературин материал т1ехь а, юкъараллин дахарх а лаьцна йолу сочиненеш. Литературин материал т1ехь язъечу сочиненешна юкъахь хир ю исбаьхьаллин произведенин турпалхочун васт х1оттош а, шина персонажан амалш вовшех юстуш а, масех турпалхочун амалш къастош а йолу сочиненеш.
Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).
Интернет ресурсашкахь йолчу литературин а, публицистикин материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.
Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.
Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.
ТIаьхьалонна (14 сахьт)
ЦхьайтталгIачу классехь нохчийн литература хьехаран
шеран рузманан хьесапаш
2018-2019 дешаран шо
РогIалла Чулацам Сахьташ Хан
планаца билггал
Хьалхара ахшо – 32 сахьт
1. Довзийтар. 20-чу б1ешеран 70-90-чуй шерашкахь,
21-чу б1ешеран юьххьехь нохчийн литература кхиар. 1 2. Сулаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.
Г1иллакх-оьздангаллех, стеган вахаран 1алашонах лаьцна йолу поэтан ойланаш. «Сох муха эр дара адам?..» стихотворени. 1 3. 1аламан лирика. «Органан йистехь», «Сай» стихотворенеш. 1 4. «Лаьмнаша ца дицдо» роман. Ишколехь, Тавсолтин доьзал. 1 5. «Лаьмнаша ца дицдо» роман. Т1ом, Т1еман хьалхара 1а. 1 6. «Лаьмнаша ца дицдо» роман. Ден весет. 1 7. «Лаьмнаша ца дицдо» роман. Къаьхьа шеконаш, Нурбика. 1 8,
9. «Тавсолтийн амалшца доьзна нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла гайтаран башхаллаш» сочинени язъяр. 1
1 10. АйдамировАбузаран дахар а, кхолларалла а.
«Еха буьйсанаш» роман. Машаре шолг1а шо. 1 11. «Еха буьйсанаш» роман. Салтичун кхоллам. 1 12. «Еха буьйсанаш» роман. Сацам. 1 13. «Еха буьйсанаш» роман. Вежарий.
Исторически романах болу кхетам к1аргбар. 1 14,
15. «Еха буьйсанаш» романех ь нохчийн, оьрсийн къинхьегама н халкъийн векалийн васташ » сочинени язъяр. 1
1 16. Ахматова Раисин дахар а, кхолларалла а.
Даймохк, халкъийн доттаг1алла, машаредахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. «Даймахке», «Тхо долчу дуьйла…» стихотворенеш. 1 17. «Дагалецамийн новкъа» – автобиографически поэма. Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. 1 18. «Дагалецамийн новкъа» – автобиографически поэма. Поэмин т1ехь къинхьегаман, безаман теманаш цхьаьнайог1уш къастор.Лиро-эпически жанрах кхетам балар 1 19. Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.
Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. «Ламанан хьостанаш» стихотворени. 1 20. Къоман г1иллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. «Маржа я1, боцу ницкъ!» стих. 1 21. Поэтан говзаршкахь поэтически сурт х1отторан башхаллаш. «Ма дохко ваьлла со» стихотворени.
Лириках, лирически турпалхочух кхетам балар. 1 22. Арсанукаев Шайхин дахар а, кхолларалла а.
К1орггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. «Весет» стихотворени. 1 23. Ц одуьненах, дахарх йо ойланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар. «Нагахь хьан г1о оьшуш…», «Нийсонан гимн» стихотворенеш. 1 24. Поэтан говзаршкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, 1аламан аьрха хазалла, ненан метан беркат. «Гиний шуна?», «Дицдина илли», «Ненан мотт» стихотворенеш. 1 25. «Кхолламан сизаш» стихашкахь роман. Даймехкан т1амехь б1аьхоша турпалаллица Даймохк мостаг1чух 1алашбар романехь гайтаран башхаллаш. 1 26. «Кхолламан сизаш» стихашкахь роман. Романехь т1еман а, тылан а суьрташ.Поэтически маттах кхетам балар. 1 27. Шаьш хьаьвсинчу телепередачина рецензи язъяр. 1 28. Окуев Шимин дахар а, кхолларалла а.
«Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман. Сахуьлуш. 1 29. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман. Хьеший, 1абдуллин хьехамаш». 1 30. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман. Замой, Обаргийн хьалхара буьйса. 1 31. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман. Хийистехь, Белхийн доьхна де. 1 32. «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» роман. 1абин т1аьххьара денош. Романан чулацам, исбаьхьаллин къастамаш.
1 33. 2 ахшо
Шайхиев 1алвадин поэтически кхолларалла.
Шайхиев Iалвадин стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. «Нохчийчоь–1995», «Ч1аг1о» стихотворенеш. 1 34. Поэтан поэзии нша-тайпана долу хатI. «Лазаман лорах» поэми т1ехь поэтан деган 1ийжам. 1 35. «Дерачу кхолламан кхиэл» – стихашца язйина повесть. Къоман г1иллакхаш а, оьзда безам а гайтар. 1 36. «Дерачу кхолламан кхиэл» – стихашца язйина повесть. Повестан маь1на а, исбаьхьаллин къастамаш а. 1 37. Рашидов Шаидан поэтически кхолларалла.
Лирически турпалхочу нхалкъах, махках йолу ойланаш. «Баланах дуьзна дог», «Пондар боьлху» стихотворенеш. 1 38. «Аружа» – исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма. Махка хдаьккхинчу халкъо лайна баланаш, халонаш гайтаран башхаллаш. 1 39. «Аружа» – исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма. Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.
Стихаш кхолларан кепаш. 1 40-41 «Кхойтта шаре бахбелла некъ» сочинени язъяр. 1
1 42. Гацаев Са1идан поэтически кхолларалла.
Поэтан стихотворенеш аьхна ойланаш, бовха синхаамаш г1аттош хилар. «Йише Маржане» стихотворени. Кхечу къаьмнийн поэташа кхечу заманахь кхоьллинчу поэтически суьрташца исбаьхьаллин з1е тасаран маь1на. «Хаьий хьуна, Фирдоуси…», «Хатта хьайна Саадига» стихотворенеш. 1 43. Поэтан стихотворенеш аьхна ойланаш, бовха синхаамаш г1аттош хилар. «Цхьа а дац сан ойлакъуьйлуш…», «Лойша эсала мох…», «Лалла хьайна некъаш мел ду…», «Б1аьсте хир ю – б1аьсте, б1аьсте!..» стихотворенеш. 1 44. Ахмадов Мусан прозаически кхолларалла.
Къоман оьздангаллин ламасташ х1инцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш. «Сатоссуш, седарчий довш» роман. Хьалхара дакъа. 1 45. «Сатоссуш, седарчий довш» роман. Шолг1а дакъа.
Ахмадов М. прозин исбаьхьаллин башхаллаш. 1 46. Адам эхь-бехках юхадалар, г1иллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар, къоман бохаме хилар. «Маьрк1ажехь дитташ» роман. 1 47. Лаккхарчу оьздангаллех ца вухуш, г1иллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар. «Зингатийн барз а ма бохабелаш» повесть. 1 48. Дикаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а.
Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар – цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам. «Стегаг ц1е» стихотворени. 1 49. Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI. «Суна лаьа» стихотвор. 1 50-51
«Нохчийн яздархойн говзаршкахь ненан васт» сочинени язъяр. 2 52. Кибиев Мусбекан дахар а, кхолларалла а.
Цуьнан поэзин къастамаш, васташ. Поэто къонахалла, доьналла, хьуьнар, г1иллакх-оьздангалла ч1аг1дар.
«Ден къамел» стихотворени. 1 53. «Шагат1улг» легенда. Адамах, дахарх лаьцна йолу поэтан ойланаш. Адамийн вовшашца кхоллалучу юкъаметтигийн мах хадор. 1 54. «Шагат1улг» легенда. Говзаран маь1на а, исбаьхьаллин къастамаш а. 1 55. Бексултанов Мусан прозаически кхолларалла.
Цуьнан прозехь дахар ша-тайпанчу исбаьхьаллин хот1ехь гайтар. «Наггахь, сайн сагатделча» дийцар. 1 56. Яздархочо кега-мерса долчу х1умнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн к1орггера маь1на долу г1уллакхаш, хьелаш къастор. «Наггахь, сайн сагатделча» д 1 57. Къоман хиндерг халкъан ламасташ, г1иллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар говзаршкахь ч1аг1дар. «1аьржа б1аьрг», «Хьалхара парта» дийцарш. 1 58. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ колларан башхаллаш. «КорталинХантоти» дийцар. 1 59. Шаьш ешначу книгина рецензи язъяр. 1 60. Бисултанов Аптин поэтически кхолларалла.
Поэтан лирически турпалхочун шеен Даймахке, халкъе болу безам. Яхь йолу к1ант кхиийначу ненан сий дар. «Йог1у и къежъелла месаш…», «Бадув Саь1ид», «Десачу гуьйна т1е…», «Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю»стихотворенеш. 1 61. Поэтан лирически турпалхо дуьненах, дуьненахь х1оьттинчу хьолах, дахарх ен ойланаш. Шен дахар адамаш ирсе кхачорна д1адала кийча иза хилар. «Ма-ярра поэма». 1 62. Эльсанов Исламан прозаически кхолларалла.
Цуьнан говзаршкахь х1инцалерчу дахаран суьрташ, адамийн кхолламаш. «К1айн коч», «Баьчча», «К1ант ц1авар» дийцарш. 1 63. «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» – исторически повесть. Х1инцца бен садаьржаш дацара, Г1овг1а. 1 64. «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» - исторически повесть. Мехкан кхиэл, Ц1ег1ачу декхнийн боьлак, Т1елха». 1 65. Яндиев Джамалдинан кхолларалла.
Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. «Нене», «Хаза ю синтеме буьйса» стихотворенеш. 1 66. Кулиев Кайсынан кхолларалла.Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. «Хиндолчунна аьлла байташ», «Т1уьначу лаьттан цинц къуйлу ас буйнахь…» стихотворенеш. 1 67. Оьрсийн, нохчийн литератураша вовшашна бина т1е1аткъамаш. 1 68. Жам1дар 1 Уьтталг1ачу классехь нохчийн литература хьехаран
шеран рузманан хьесапаш
2018-2019 дешаран шо
Раг1Коьчалан ц1е сахьт Хан
планаца I ахшо – 32 сахьт
ХХ б1ешеран хьалхарчу эхан литература - 24 сахьт + 6 сахьт 1 Довзийтар. Нохчийн къоман дахарехь 1940-1959-чуй шерашкахь кхолладелла хьал. 1 2 Мамакаев Мохьмад: дахар, кхолларалла. 1 3 Мамакаев М. «Даймахке», «Т1улгаша а дуьйцу», «Зама». 1 4 Мамакаевн поэзехь Даймехкан тема. 1 5 «Зеламха» романан дакъош дешар. 1 6 Романа т1ера васташ. 1 7 Зеламха обарг валаран бахьана а, хьелаш а. 1 8 Романан маь1на а, исбаьхьаллин башхаллаш а. 1 9 Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла. 1 10 Мамакаев М. кхоллараллех лаьцна сочиненина кечам бар. 1 11 Сочинени. «Къонахчун дахар». 1 12 Мохьмад-Селахь Гадаев. Поэтан дахар, кхолларалла. 1 13 Мохьмад – Селахьан поэзи: «Даймахке сатийсар», «Даймехкан латта», «Рег1ара поп», «Ц1ен берд». 1 14 Лирически турпалхочун дуьненах, дахарх, 1аламах йолу ойланаш. 1 15 Нохчийн литература ХХ б1ешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш. 1 16 Арсанов Саь1ид-Бейн роман «Маца девза доттаг1алла» (обзор). 1 17 Ошаев Халидан исторически роман «Алун шераш» (обзор). 1 18 Шима Окуевн роман «Лай т1ехь ц1ен зезагаш» (обзор). 1 19 ХIХ-б1ешо чекхдолучу –ХХ-б1ешо долалучу муьрехь хилла нохчийн юкъараллин дахар а, граждански т1ом а. 1 20 Гайсултанов 1умаран дахар а, кхолларалла а. 1 21 Исторически повесть «Александр Чеченский». 1 22 Нохчийн к1ентан кхоллам повесть т1ехь гайтаран башхаллаш. 1 23 Литературан теори: повестан композици, исбаьхьаллин г1ирсаш. 1 24 Коьрта турпалхочун Даймахке болу хьежамаш. Сочиненина кечам. 1 25 Сочинени «Александр Чеченский». 1 26 Эдилов Х.Э. Дахар, кхолларалла. 1 27 Лиро-эпически поэма «Сийлаха». 1 28 Коьрта турпалхошна социально-дахаран хьелаша бина т1е1аткъам. 1 29 Поэми т1ехь суртх1отторан, васт кхолларан поэтически г1ирсаш. Сочиненина кечам бар. 1 30 Сочинени «Сийлаха». 1 ХХ б1ешеран шолг1ачу эхан литература – 12 сахьт + 1 сахьт 31 Абдулаев Л. Дахар, кхолларалла. 1 32 «К1ант,-олий,кхойкхура нана», «Мехкан йо1», «Зарзъелла т1аьххьара марха…». 1 II ахшо – 36 сахьт 1 Абдулаев Л. лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а, философски чулацам а. 1 2 И.Эльсанов. Дахар, кхолларалла. 1 3 Исторически повесть «Ц1ег1ачу декхнийн боьлак» 1 4 Байсангуран а, Телхиган а васташ. 1 5 Нохчийн халкъо ХIХ б1ешарахь шен парг1атонехьа латтийна къийсам. 1 6 «Исторехь стеган меттиг» сочиненина кечам бар. 1 7 Сочинени «Исторехь стеган меттиг». 1 8 Бисултанов Апти: дахар, кхолларалла. 1 9 Стихотворенеш «Бадуев Саид», «Десачу гуьйна т1е», «Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю». 1 10 Граждански лирикан исбаьхьалла. 1 11 Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. 1 Сийлахь-боккха Даймехкан т1еман литература – 12 сахьт 12 Граждански т1амехь халкъо турпалалла гайтар карладаккхар. 1 13 Муталибов Зайнди. Дахар, кхолларалла. 1 14 «Б1аьхочун весет». 1 15 Эдилов Хасмагомед: дахар, кхолларалла. 1 16 «Ирс къуьйсуш веллачун сий делахь, латта», «Лаьттан цинц». 1 17 Эдилов поэзехь Даймехкан парг1ато 1алашъяран тема. 1 18 Сулаев Мохьмад. Дахар, кхолларалла. 1 19 «Нохчийн к1ант Волгин йистехь» 1 20 Гацаев Саид. Дахар, кхолларалла. 1 21 «Ханпашин валар» 1 22 Бисултанов Апти. «Йог1у и къежъелла месаш» 1 23 Даймохк мостаг1чух парг1атбоккхуш гайтина халкъан турпалалла, патриотизм. 1 ХХI - б1ешо долалучу муьран литература – 5 сахьт 24 Ибрагимов Канта. Роман «Берийн дуьне». 1 25 Тема а, проблематика а, исбаьхьаллин башхаллаш. 1 26 Яшуркаев Султан. «Х1ара лаьмнаш, лаьмнаш хилла...» 1 27 «Ойланаш, аш соьга баха х1ун боху...», «Ц1ахь котам екара зевне еш 1уьйкъе…» 1 28 Поэзийн исбаьхьаллин башхаллаш. 1 Кхечу къаьмнийн литература – 8 сахьт 29 Базоркин Идрис. Дахар, кхолларалла. 1 30 «Б1ешерийн бодашкара» романан коьрта чулацам. 1 31 Романехь г1алг1айн хьалхалера дахар гайтаран башхаллаш. 1 32 Яндиев Джамалдинан поэтически кхолларалла.. 1 33 Стихотворенеш «Поэтан дог, «Хаза ю синтеме буьйса» 1 34 Гуьржийн яздархочун Александр Казбегин кхоллараллех хаамаш. 1 35 «Элиса» повестан коьрта чулацам. 1 36 Жам1 даран заняти. 1

Приложенные файлы


Добавить комментарий