Конспект урока чеченского языка 4 класс Къасторан хьаьркаш


Урокан ц1е: «Къасторан хьаьркаш».1алашо: берийн ъасторан хьаьркех лаьцна болу хаамаш шорбар. Къасточу хьаьркийн меттиг йозанехь бовза хаар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна 1емар ду къасторан хьаьркийн меттиг даше бовза . уьш язъян. Берашна хуур ду масса язйо къасторан ч1ог1а хьаьрк дашехь,к1еда хьаьрк.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш хирболчу кепара д1абахьа. Берашна хуур ду цхьаъ ша , тобанакахь а , шайн говзаллашка хьаьвсина болх д1абахьа. Берашна хуур ду шайн кхиамин бахьнаш довза , царех пайдаэца.1емар ду шайна оьшу г1ирс , книги т1ехь каро Коммуникативни: берашна хуур ду шайна т1едиллинарг кхиам болуш кхочуш дан, 1емар ду шеен балхах лаьцна вистхила , кхиниг кхето. Берашна хуур ду шайна оьшучохь вовшех дагабовла, оьшург хатта.
Познавательни: берашна хуур ду къасторан хьаьркаша гойтуш мукъаза а , мукъа а аьзнаш уьйш ца хилар.Берашна хуур ду къасторан хьаьркаш мукъаза элпашна т1ехьа , е-ний, я-ний, юь-ний,яь-ний хьалха язъеш хилар, амма к-на т1ехьа къасторан к1еда хьаьрк язъеш хилар.
3. Личностни: берашна евзар ю нохчийн метан хазалла , лаам хир бу и дика 1амо.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №72, аг1о 39.
-Муьлха дешнаш билгалдаьхна аша? Муьлхачу дешнех олу чолхе дешнаш?
3. 1алашо йовзийтар.
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Д1ахаалаш иза хьаьркашУьш массарна евзаш ю.
Цара коьрта г1уллакх до,
Мукъаза а мукъа аьзнашВовшех уьш ца эдалийта,
Церан маь1на ца талхийта,
Говза г1уллакх лелош ю,
Церан меттиг билгал ю.
Муькъазчарна уьш г1иллакхе ю
Т1ехьа х1уьтту уьш мукъазчарна.
Мукъачара г1иллакх лоруш,
Шайна хьалха уьзуш тотту:
Я-ний,яь-ний хьалха лаьтта,
Е а царах ду шуна,
Ю, Юь а аш ма дицде,
Дерриг дагахь латтаде.
Девзий шун дешнаш:
Малъелла я шелъелла,
Хьагъелла я мацъелла
Къасторан ч1ог1а хьаьрк
Лоручух уьш ду шуна.
З1окьеттарг я шокьеттаргЦаьрца бертахь –к1еда хьарк.
Кхетий , хаьий шуна, берашАш уьш шайна йиц ма елаш.
-Стенах лаьцна ю байт? (Къасторан хьаьркех).
-Муьлха къасторан хьаьркаш евза шуна? (ь,ъ).
-Х1ун боху байн т1ехь къасторан хьаркех лаьцна? (Мукъазчарна т1ехьа , мкъачарна хьалха я-ний.яь-ний, ю-ний, юь-ний ,е-ний хьалхахь язйо).
-Муьлхачу элпашна т1ехьа язйо къасторан к1еда хьаьрк? (К-на).
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
-Бераш, вай тахана 1амор ду къасторан хьаьркаш дешнашкахь нийса язъян.
3. Керла тема хьехар.
Къасторан хьаркийн тидам бар.
Уьн т1е д1аяздо
Раз…яьлла, шек…яьлла, цец…яьлла, ирх…яхана, маж…елла, нис…елла, з1ок…етта, шок…етта, чекх…яьлла ,шек..яьлла.
-Д1адеша дешанаш. Оьшу элпаш яздеш д1аязде шайн тептарш т1е.
-Муьлха элпаш язди аша дешнашкахь? (ь,ъ).
-Маца яздо дашехь къасторан ч1ог1а хьаьрк? К1еда хьаьрк?
-Муьлхачу элпашна хьалха язйо къасторан хьаьркаш?
Бакъо таллар.
-Д1аеша 40-г1а аг1он т1ера бакъо. Х1ун хаьа шуна къасторан хьаьркех лаьцна?
Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 74 , аг1о 39.
5. Сада1аран миноташ.
П1елгаш
Оха язди, дукха язди,
Йозано тхан п1елгаш к1адди.
П1елгаш, 1адда ма 1елаш,
Хьалхий-т1аьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида, ида, к1ад ца луш.
Мохо бецаш лестайо,
Д1а а,схьа а техкайо.
П1елгаш, мохах шу ма кхера,
Ловза лелхаш, шайн сакъера.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Дешнаш тобанашка декъар.
Уьн т1е д1аяздо.
Йицъелла , цецъяьлла , ц1анъелла,шекьяьлла, аг1оръяьлла, сихъелла,з1ок1еттарг, шокьеттарг, лахъелла-Д1аязде дешнаш тобанашка а доькъуш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане?
Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане?
Кхоллараллин болх.
(Берашка карточкаш ло).
Чакхъяккха предложении.
Дешнашкахь:з1окьеттарг, шокьеттарг, шекьюьйлу язйо къасторан …,х1унда аьлча оцу дешнашкахь къасторан…хьаьрк язйича церан ………………………………………
7. Жам1 дар.
-Мича меттехь язйо къасторан хьаьркаш?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9. Ц1ахь бан болх таллар.
Шардар № 75 , бакъо 40 аг1он т1ера.

Приложенные файлы


Добавить комментарий